Toggle navigation
Главная
Переводы Библии
Комментарии к Библии
Библейские словари и энциклопедии
Новости
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Сделайте выбор
Комментарии Баркли
Новая Женевская Учебная Библия
Толкование Златоуста
Учебная Библия МакАртура
Толкование Жана Кальвина
Комментарии МакДональда к Библии
Серия комментариев МакАртура
Толкование Мэтью Генри
Толковая Библия Лопухина
Толкование Далласской семинарии
Толкование Блаженного Феофилакта Болгарского
Новый Библейский Комментарий
Комментарии Давида Стерна к Новому Завету
Комментарии Сперджена
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО
Выбор книги основного перевода
От Луки
Новый Завет
Ветхий Завет
Бытие
Ветхий Завет
Книга Бытие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исход
Ветхий Завет
Книга Исход в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Левит
Ветхий Завет
Книга Левит в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Числа
Ветхий Завет
Книга Числа в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Второзаконие
Ветхий Завет
Книга Второзаконие в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иисус Навин
Ветхий Завет
Книга Иисус Навин в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Судьи
Ветхий Завет
Книга Судьи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Руфь
Ветхий Завет
Книга Руфь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Царств
Ветхий Завет
Книга 1. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Царств
Ветхий Завет
Книга 2. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Царств
Ветхий Завет
Книга 3. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
4. Царств
Ветхий Завет
Книга 4. Царств в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 1. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Паралипоменон
Ветхий Завет
Книга 2. Паралипоменон в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Ездра
Ветхий Завет
Книга Ездра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Неемия
Ветхий Завет
Книга Неемия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Есфирь
Ветхий Завет
Книга Есфирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иов
Ветхий Завет
Книга Иов в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Псалтирь
Ветхий Завет
Книга Псалтирь в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Притчи
Ветхий Завет
Книга Притчи в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Екклесиаст
Ветхий Завет
Книга Екклесиаст в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Песня Песней
Ветхий Завет
Книга Песня Песней в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Исаия
Ветхий Завет
Книга Исаия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иеремия
Ветхий Завет
Книга Иеремия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Плач Иеремии
Ветхий Завет
Книга Плач Иеремии в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иезекииль
Ветхий Завет
Книга Иезекииль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Даниил
Ветхий Завет
Книга Даниил в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Осия
Ветхий Завет
Книга Осия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иоиль
Ветхий Завет
Книга Иоиль в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Амос
Ветхий Завет
Книга Амос в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Авдий
Ветхий Завет
Книга Авдий в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иона
Ветхий Завет
Книга Иона в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Михей
Ветхий Завет
Книга Михей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Наум
Ветхий Завет
Книга Наум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аввакум
Ветхий Завет
Книга Аввакум в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Софония
Ветхий Завет
Книга Софония в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Аггей
Ветхий Завет
Книга Аггей в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Захария
Ветхий Завет
Книга Захария в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Малахия
Ветхий Завет
Книга Малахия в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Новый Завет
От Матфея
Новый Завет
Книга От Матфея в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Марка
Новый Завет
Книга От Марка в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Луки
Новый Завет
Книга От Луки в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
От Иоанна
Новый Завет
Книга От Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Деяния
Новый Завет
Книга Деяния в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иакова
Новый Завет
Книга Иакова в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Петра
Новый Завет
Книга 1. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Петра
Новый Завет
Книга 2. Петра в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Иоанна
Новый Завет
Книга 1. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Иоанна
Новый Завет
Книга 2. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
3. Иоанна
Новый Завет
Книга 3. Иоанна в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Иуды
Новый Завет
Книга Иуды в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Римлянам
Новый Завет
Книга К Римлянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Коринфянам
Новый Завет
Книга 1. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Коринфянам
Новый Завет
Книга 2. Коринфянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Галатам
Новый Завет
Книга К Галатам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Ефесянам
Новый Завет
Книга К Ефесянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филиппийцам
Новый Завет
Книга К Филиппийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Колоссянам
Новый Завет
Книга К Колоссянам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 1. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Фессалоникийцам
Новый Завет
Книга 2. Фессалоникийцам в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
1. Тимофею
Новый Завет
Книга 1. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
2. Тимофею
Новый Завет
Книга 2. Тимофею в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Титу
Новый Завет
Книга К Титу в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Филимону
Новый Завет
Книга К Филимону в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
К Евреям
Новый Завет
Книга К Евреям в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
Откровение
Новый Завет
Книга Откровение в переводе Чеченский (нохчийн мотт)
← Предыдущая
От Луки
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
1
Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Іийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а.
2
Цо дІахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а.
3
«Шаьш новкъа довлуш, шайца я Іаса а ма эца, я тІоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», – элира Цо цаьрга.
4
«Шаьш дІакхаьчначу цІа чохь Іе, оцу гІалара арадовллалц.
5
Нагахь цхьанхьа шаьш тІе ца эцахь, шайн когаш тІера чан дІаегае, гІалара арадовлуш. Шу тІе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза».
6
Іийсан векалш дІабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш.
7
Іийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХІародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хІунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла,
8
вукхара – Эли-ЯхІу-пайхамар веана, кхозлагІчара – ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла.
Параллельные места
Отсутствуют
9
ХІарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хІуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Іийса ган гІертара.
10
Векалша, юха а баьхкина, дийцира Іийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цІе йолчу гІали юххехьа дІавахара Іийса.
11
Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тІаьхьа. Іийсас уьш тІеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира.
12
Де суьйренгахьа лестича, Іийсан шийтта векало, тІе а веана, элира Цуьнга: «Адам дІадахийта деза. Луларчу ярташка а, кІотаршка а бахана, шайна дІадийша меттиг а, яа хІума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла.
13
ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чІарий бен бац. ГІой, царна массарна а яа хІума эций оха?» – аьлла.
14
Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Іийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла.
15
Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра.
16
Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира Іийсас. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора.
17
Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тІаьхьа Іийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара.
18
Іийсас, Ша висна, доІа дечу хенахь, Цунна тІе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла.
19
Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо Эли-ЯхІу-пайхамар ву боху, кхозлагІчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху».
20
«Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» – аьлла, хаьттира Іийсас. Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.
21
Іийсас и хІума нахе дІахаийтар чІогІа дихкира царна.
22
Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву».
23
ТІаккха Іийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, хІора дийнахь шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза.
24
ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дІаделлачо иза кІелхьардоккхур ду.
25
ХІун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хІаллаквича я шена зен дича?
26
Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КІант дІавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача.
27
Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду».
28
Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира.
29
ДоІа дечу хенахь Цуьнан юьхь цІеххьана хийцаелира, духар чІогІа кІайделира, тІехь бІаьрг ца сацалуш.
30
Олаллин нур лепаш ши стаг дІахІоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхІу-пайхамар а вара. Іийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Іийсан, Ярушалаймехь, адам паргІатдаккхархьама, дуьнен чуьра дІакхалха дезарх лаьцна.
31
Олаллин нур лепаш ши стаг дІахІоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхІу-пайхамар а вара. Іийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Іийсан, Ярушалаймехь, адам паргІатдаккхархьама, дуьнен чуьра дІакхалха дезарх лаьцна.
32
Кипа а, цуьнан накъостий а чІогІа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Іийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар.
33
И ши стаг дІаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхІуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хІун дуьйцу оцу хенахь.
34
Кипа къамел дина а валале, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Іийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Іийса а, Муса а, Эли-ЯхІу а нисвелча.
35
Мархи юкъара аз хезира: «ХІара ву Ас хаьржина волу Сан КІант. Цуьнга ладогІалаш!»
36
Аз дІатийча, царна Іийса ша лаьтташ гира. Мурдаша шайна гинарг къайладаьхьира, цу хенахь цхьаьнгге а ца дуьйцуш.
37
ШолгІачу дийнахь, уьш лам тІера чубиссича, Іийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба.
38
Нахана юккъера цхьана стага чІогІа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кІанте! Иза сан цхьаъ бен вац!
39
Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КІант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дІа ца долу и жин.
40
Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хІумма а дан ца делира».
41
Іийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кІант!»
42
КІант, тІевогІучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Іийсас жине арадала аьлла омра а дина, кІант туо а вина, дега дІавелира.
43
Массо а Делан боккхачу ницкъах чІогІа инзарваьлла вара. Нах Іийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара. Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира:
44
«Дика ладогІалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КІант нехан кара лур ву».
45
Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьІна Дала царах лачкъийна дара. Іийсага, и хІун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира.
46
Мурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла.
47
Іийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дІа а хІоттийна,
48
элира: «Сан дуьхьа хІара бер тІеэцначо Со а тІеоьцу. Ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кІезиг верг а уггар лакхарниг ву».
49
ТІаккха Яхьъяс элира Іийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цІарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гІиртира тхо».
50
Іийсас жоп делира: «Сеца ма ве иза! ХІунда аьлча шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву!»
51
Ша стигала хьалаоьцу волу хан тІекхача йоьлча, Іийсас сацам бира Ярушалайме ваха.
52
Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн юьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама.
53
Амма оцу юьртарчу наха Іийса тІе ца ийцира, хІунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла.
54
И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хІаллакбойтур бу и нах».
55
Амма Іийсас, юхавирзина, дихкира царна и дар.
56
ТІаккха Іийса а, Цуьнан мурдаш а кхечу юьрта бахара.
57
Уьш новкъахула богІучу хенахь, цхьана стага элира Іийсага: «Со Хьуна тІаьхьа хІуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а».
58
«Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Іан баннаш ду, ткъа Адамийн КІентан корта дІатовжо меттиг а яц», – аьлла, жоп делира цунна Іийсас.
59
Кхечу стаге Цо элира: «Суна тІаьхьа схьавола!» – аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цІа а вахана, сайн да дІаволла».
60
«Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тІаьхьахІотта лууш хьо велахь, ваха а гІой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Іийсас.
61
Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогІур вара, пурба лохьа суна цкъа цІахь болчаьрца Іодика ян», – аьлла.
62
Іийсас жоп делира цунна: «Нахаран тІам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.
← Предыдущая
От Луки
Следующая →
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
Выбор основного перевода
Синодальный
Современный
Перевод РБО. Радостная Весть
Юбилейное издание (Свет на Востоке)
Перевод свящ. Леонида Лутковского
Церковнославянский перевод
Аварский (магӀарул мацӀ)
Азербайджанский (Azärbaycanca)
Башкирский (башҡорт теле)
Беларускі пераклад
Грузинский (ქართული ენა)
Казахский (қазақ тілі)
Кумыкский (къумукъ тил)
Осетинский (ирон æвзаг)
Таджикский (тоҷикӣ)
Татарский (татарча)
Туркменский (Türkmençe)
Узбекский (ўзбекча)
Український переклад І. Огієнка
Чеченский (нохчийн мотт)
Чувашский (чӑвашла)
American Standard
Biblia Tysiąclecia
Deutsche Luther
Ελληνική μετάφραση
King James
Română traducere
Tradução português
Traducción al español
Traduction française
Traduzione italiana
Türkçe çeviri
中文 汉译
Новый русский перевод МБО