Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш кхин дІа а Ярушалайме дІабахара. Іийса хьалхаваьлла вогІура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тІаьхьа хІиттина боьлхура. Іийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна: ГІаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Іийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо. Ярушалайме воьдуш, Шамранан а, Галилайн а шина мехкан дозанехула схьавогІуш вара Іийса. Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Вай хІинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КІантах пайхамарша дІаяздинарг. ЛадугІучарна Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хІинццехь гучудаьлла хир ду. Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Іийса.
Выбор основного перевода