Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. «ЛадогІа Соьга. Вай Ярушалайме доьлхуш ду. Цигахь Адамийн КІант динан коьртачу дайшкий, Іеламчу нахей дІалур ву. Цара Иза вен кхел йийр ю. Цул тІаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Іийса. Цо дийцира Адамийн КІентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а тІе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь денвала везарх а. «ЛадогІалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КІант динан коьрта дайн а, Іелам нехан а кара лур ву, тІаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дІа а лур ву. Массо а Делан боккхачу ницкъах чІогІа инзарваьлла вара. Нах Іийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара. Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира: Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Вай хІинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КІантах пайхамарша дІаяздинарг.
Выбор основного перевода