Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШамІа-Кипас, и ган а гина, Іийсан когашка а воьжна, дехар дира: «Эла! ДІагІохьа кхузара, къинош летийна стаг ву-кх со!» Мурдаша самаваьккхина Іийса: «Устаз! Устаз! Вай хІаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гІаьттина, мохе а, тулгІенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дІахІоьттира. «Мила вара Сох куьг Іоьттинарг?» – аьлла, хаьттира Іийсас. Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дІаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Іоьттинарг?“» маьхьарий хьаькхира цара: «Іийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла.
Выбор основного перевода