Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу тІеоьцуш волчо Со а тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу. Шуна юкъара уггар лакхара верг шун ялхо хуьлийла. ТІаккха Шен мурдашка Іийсас элира: «Шуьга ладугІуш волчо Соьга ладугІу, шу тІе ца оьцучо Со тІе ца оьцу. Ткъа Со тІе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тІе ца оьцу». ТІаккха Іийсас дІакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Іаш, Со Ваийтинчух а теша. Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тІеоьцуш волчо Со тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу». Ткъа векалех уггаре а кІезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хІунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Іийсах тешначийн тоба хІаллакьян тІаьхьаваьлла леллера со. Цхьа а хІума шена пайда леха а, дозалла дан а ца деш, хІораммо а, ша-ша эсала а хуьлуш, вовшийн лакхара ларалаш. Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгІат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кІорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхор а,
Выбор основного перевода