Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ИбрахІим къена воллушехь, Сарата, доьзалхочух а хилла, цунна кІант вира. Дерриг а Дала аьллачу хенахь хилира. ШолгІаниг дуьнен чу волуш, Іесаван кІажа а лаьцна схьавелира. Цундела цуьнан цІе Якъуб тиллира (и ду «КІажалоцург» бохург). И шиъ винчу хенахь Исхьакхан кхузткъа шо дара. Ткъа Шимин кІентий хилла: Арпахшад, Селахь, ИбрахІиман кІант волчу Исхьакхан кІентий бара: Іесав, Исраил. ХІара ду Шимин тІаьхьенах хилларг. Дала хІокху дуьненна тІера массо а хІума, адам хІаллакдеш даийтина хи дІадаьллачул тІаьхьа, ши шо даьлча, Шимин бІе шо кхаьчнера. Цу хенахь цуьнан кІант Арпахшад хилира.
Выбор основного перевода