Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло билгалдаьккхинарг дІакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кІант ву, тахана Хьан Да хили Сох. «ХІара Сан Ялхо ву, Ас чІагІвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тІе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю. Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогІалаш Цуьнга!» Ткъа цу хенахь, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант. Цуьнга ладогІа!» – аьлла. Мархи юкъара аз хезира: «ХІара ву Ас хаьржина волу Сан КІант. Цуьнга ладогІалаш!» Яхьъяс, тоьшалла а деш, элира: «Суна Делан Са гира кхокханан суьртехь стигалара доьссина, и Са Цунна тІехь дисира. Яхьъяс нах хих чекхбаха кхайкхинчул тІаьхьа Назартара Іийса Дала къобалвира, Шен Са а, ницкъ а луш. И шуна хаьа. ТІаккха Іийса Галилайра дІаволавелла, берриге а ЯхІуд-махкахь массанхьахула лелара, диканиг деш а, иблисан олалла шайна тІехь долу нах тобеш а, хІунда аьлча Цуьнца Дела вара. ХІунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тІе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кІант ву, Цуьнца бу Сан лаам!»
Выбор основного перевода