Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, Даудан Ярушалаймехь хилла долу бераш хІорш ду: Іамиалан йоІа Бат-ШабаІа диъ бер дира: ШимІа, Шубаб, Ната, Сулим. Даудана Ярушалаймехь динчу берийн цІераш иштта яра: ШамуІ, Шубаб, Ната, Сулим, Мехкан бахархойн тукхамаш шаьш дол-долчохь доьлхур ду – Даудан цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Натин цІийнан тукхамаш шаьш долчохь доьлхур ду, церан зударий шаьш болчохь боьлхур бу, Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. Лулахоша Іабади аьлла, цІе а тиллинера цунна. «НуІматан кІант ву-кх хІинца», – олура цара. И Іабади Дауд-паччахьан да волчу Юшаян да вара. Исраилан кІентий бара: Раабан, ШимІа, Леви, ЯхІуд, Иссархан, Забул,
Выбор основного перевода