Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Іийса кест-кеста адам доцучу метте дІа а воьдий, Деле доІанаш деш Іара. Ишттачу цхьана дийнахь лам тІе хьалавелира Іийса Деле доІа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доІанаш деш. Іийсас, Ша висна, доІа дечу хенахь, Цунна тІе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла. Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира. Цкъа Іийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доІа деш вара. Иза доІа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Іамадехьа доІа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Іамадарра».
Выбор основного перевода