Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш. Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргІато а йолуш деха вай. ХІетте а, и дерриг а гІуллакхаш хуьллушехь, ваьш Дезначо вайга уггар боккха толам боккхуьйту. Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хІума Шеца тайта. ЖІара тІехь Іанийначу Шен КІентан цІийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо. Вуьшта а хууш ма ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тІаьхьа а хІоьттина, суьпа баха лууш болчара массара а баланаш хьоьгург хилар. хІунда аьлча ша Делах схьаваьлла мел волчо дуьненна тІехь толам боккху. Ткъа дуьненна тІехь баьккхина болу и толам вайн тешар бахьана долуш баьккхина бу. Толам а баьккхина, Сайн Ден Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Іаршана уллохь долчу паччахьан гІанта тІе охьахаа.
Выбор основного перевода