Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира: «Кхин а кІеззигчу хенахь Іийр ву Со шуьца, цул тІаьхьа Со Ваийтинчунна тІе гІур ву Со. Ткъа Іийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хІинца Далла тІевоьдий а. Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогІур ву Со шу долчу. Кестта дуьненна гур вац Со, амма шуна гур ву Со. Соьца дахар хиларна, шу а дехар ду. Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а. Ас тІедиллина гІуллакхаш тІе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна». Искархо а воцуш, кхечу ЯхІуда элира Іийсага: «Веза Эла! И хІун ду? Хьо тхуна хІунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?» Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. Со ца везачо Сан дешнаш а тІе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду.
Выбор основного перевода