Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Нукха-Демис, буьйсанна Іийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХІунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш». Іийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хІунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву. Ткъа Іийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хІинца Далла тІевоьдий а. Ас тІедиллина гІуллакхаш тІе а оьцуш, уьш кхочушдеш верг ву Со везарг. Ткъа Со везнарг Сан Дена а везар ву. Суна а везар ву иза, Аса Со гойтур ву цунна». Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. И Ахь Суна делла дешнаш Ас цаьрга дІаделла. Ткъа цара и дешнаш тІеийцира. Уьш кхийтира, баккъал а Со Хьох схьаваьллий. Уьш тийшира Со Ахьа вахийтина хиларх.
Выбор основного перевода