Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
И шадерг а Іийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хІумма а ца дуьйцура царна. Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Іийсас – адамаш кхетар долчу тайпана. Дустар ца далош, Цо хІумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш. И хьекъале дустар далийра Іийсас парушхошна. Амма уьш ца кхийтира Цо шайна дийцинчун маьІнах. ХІара элира Ас шуьга, и зама тІееача, шуна дагадаийтархьама оцу дерригенах лаьцна Ас шайга аьлларг». «ХІинццалц ца аьллера Ас шуьга иза, Со шуьца цхьаьна хилла дела. Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тІевеара Іийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Іийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хІуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура.
Выбор основного перевода