Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Арнон-тогІина йистехь йолчу ІаруІер-гІалина тІера цу тогІина чохь йолчу гІалина тІекхаччалц долу латта а, Мейдебана тІера Дибонна тІекхаччалц йолу шера аре а церан яра. Хьешбон а, шерачу арахь йолу ерриг цуьнан гІаланаш а: Дибон а, Бамот-БаІал а, Байт-БаІал-МеІон а, Хьевронан цІе хьалха Кхиръят-АрбаІ хилла. (АрбаІ цІе йолуш Іаьнакхахойн тІаьхьенашна юкъахь цхьа сийлахь стаг хилла.) Цул тІаьхьа тІамах садаьІира лаьтто. Эдом-мехкан дозанехь, къилбехь, церан яра гІаланаш: Къабциал, Іедар, ЯгІур, Галилай-махкахь Напталан гунаш тІехь йолу Кхедаш-гІала а, Эпрайман лам тІера Шехем-гІала а, ЯхІудан гунаш тІера Кхиръят-АрбаІ а (кхечу тайпана Хьеврон) дІакъастийра. Кхиръят-АрбаІ цІе йолу гІала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Іаьнакхан ден АрбаІан цІарах яра и гІала. Иза ЯхІудан гу тІехь яра, кхин цІе а яра цуьнан – Хьеврон).
Выбор основного перевода