Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дала сан даг чохь ойла кхоьллира, лоруш болу нах а, хьаькамаш а, кхидолу массо а халкъ схьа а гулдина, уьш массо а дІаязбан беза аьлла, хІунда аьлча суна схьакарийнера дуьххьара юхабирзинарш дІаязбина долу тептарш. Царна тІехь дІаяздина дара: Оха – динан дайша а, левихоша а, халкъо а – кхаж тесира, тхайна юкъахь билгалдаккхархьама, шеран муьлхачу хенахь хІора тхан доьзало Делан цІенна совгІатна лерина долу чІийш дала деза, иза тхан Везачу Делан сагІа доккхучу кхерчахь даго, товрат-хьехамаш тІехь ма-хиллара. Езачу Ярушалайм-гІалахь волу массо а левихо ши бІе везткъе виъ стаг хилла. Аша шаьш езачу гІалех схьадевлла а, Шен цІе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу, Исраилан халкъан Везачу Делах дозуш ду а боху. ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. ТІаккха иблисо, Іийса езачу Ярушалайм-гІала а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. Іийса денвеллачул тІаьхьа, уьш, шайн къуббанаш чуьра ара а бевлла, яхІудхоша сийлахь-еза лоруш йолчу Ярушалайм-гІалина чу бахара, уьш дуккха а болчу нахана ган а гира. ТІаккха суна гира Делан гІала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогІу керла Ярушалайм-гІала яра иза.
Выбор основного перевода