Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Делан цІа деш болчу яхІудхойн тхьамданашна гІо дар аса шуна тІедуьллу. Иштта Эпрат-хил малхбузерчу латтанашкара схьагулдинчу ясакхах долу хІума паччахьан хазни чуьра, сихонца схьа а эций, цу цІен тІехь болх беш болчу нахана дІало и болх цаьрга саца ца байта. Цу нахана царна оьшуш мел долу хІума дІало. Динан дайшна стигаларчу Далла дагоран сагІанаш даха эсий, уьстагІий я Іахарш эшахь, царна уьш дІало. Нагахь санна Ярушалаймерчу динан дайша кІа а, туьха а, чагІар а, даьтта а дехахь, уьш а царна, кхоа ца деш, хІора дийнахь дІало. Аса хьуна бакъо ло хьан Делан цІенна оьшуш мел долу хІума, паччахьан хазни чуьра схьа а эцна, дІадахьа. Зурбабелан а, Нахьми-ЯхІун а заманахь массо а исраилхоша илланчашна а, кевнехь болчу гІаролхошна а хІора денна лерина долу рицкъа схьадахьара Делан цІийнан керта. Халкъо левихошна дІалора царна догІуш долу дакъа, ткъа цунах АхІаронан тІаьхьенна догІуш долу дакъа левихоша оцу тІаьхьене дІакхачадора.
Выбор основного перевода