Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«Исраилхойн баьччанаш хьалхабевлла арабовларна а, халкъ лараме хьалагІаттарна а, хаставе Веза Эла! Исраилан мехкан куьйгалхой, сан дог шуьца ду. Шен даго ма-хьоьхху, халкъана юкъара хьалагІевттинчаьрца ду. Хастам хуьлийла Везачу Элана! Ярушалаймехь баха охьахевшира ЯхІудан а, Бен-Яманан а, Эпрайман а, Маннашан а тІаьхьенашкара цхьаболу нах. хьаькам волу а, Везачу Элан дуьхьа шен дахар тІеман гІуллакхна къобалдина волу а Зикрин кІант Іамси-ЯхІу а, цуьнан ши бІе эзар майра тІемало а. Йийсарера юха а бирзина, шайн гІаланашкахь йолчу шайн долахь хиллачу меттигашкахь дуьххьара юха баха охьахевшинарш бара цхьаболу исраилхой а, динан дай а, левихой а, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болу ялхой а. ЯхІудан кІентан Парасан тІаьхьенах цигахь вара: Іутай. Иза вара ІамихІудан кІант. ІамихІуд вара Іумарин кІант. Іумари вара Имарин кІант. Ткъа Имари вара Банин кІант. Шилунан тІаьхьенах цигахь хІорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу Іаси-ЯхІу а, цуьнан кІентий а. Зерахьан тІаьхьенах вара ЯІуал а, цуьнан вежарий а. ЯхІудан тІаьхьенах верг верриг а ялх бІе везткъе итт стаг вара (690). Бен-Яманан тІаьхьенах цигахь баха охьахевшинарш хІорш бара: Салуъ (иза вара Машулиман кІант, ткъа Машулим вара ХІудав-ЯхІун кІант, ткъа иза вара ХІасинуан кІант), Ярохьаман кІант волу Ибна-ЯхІу, Махрин кІентан Іузин кІант волу Эла, Ибни-ЯхІун кІант волчу РаІалан кІентан Шапат-ЯхІун кІант Машулим. Церан тукхамашкахь исс бІе шовзткъе ялхитта стаг вара (956). Массо а и нах шайн доьзалийн баьччанаш бара. Ярушалаймехь динан дайх баьхнарш хІорш бара: Яди-ЯхІу, ЯхІу-Яриб, Якин, Делан цІенна тІехь хьаькам волу Іазар-ЯхІу (иза вара Хьалкхи-ЯхІун кІант, Хьалкхи-ЯхІу вара Машулиман кІант, Машулим вара ЦІадукъин кІант, ЦІадукъа вара Маръютин кІант, ткъа Маръюти вара Ахьтубин кІант), Іади-ЯхІу (иза вара Ярохьаман кІант, Ярохьам вара Пашихьуран кІант, Пашихьур вара Малки-ЯхІун кІант), МаІсай (иза вара Іадиалан кІант, Іадиал вара Яхьзарин кІант, Яхьзари вара Машулиман кІант, Машулим вара Мишламатин кІант, ткъа Мишламати вара Амиран кІант). Шайн доьзалийн баьччанаш болу динан дай цхьа эзар ворхІ бІе кхузткъа стаг вара (1760). Уьш говза нах бара, царна тІедиллина дара Делан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш кхочушдар. Левихойх цигахь бехаш хІорш бара: ШамІа-ЯхІу (иза вара Хьашубин кІант, Хьашуби вара Іазрикхаман кІант, Іазрикхам вара Хьашби-ЯхІун кІант, ткъа Хьашби-ЯхІу мерарихойн тІаьхьенах вара), Бакъ-Бакъари, Хьараш, Галали, Матан-ЯхІу (иза вара Микин кІант, Мика вара Зикрин кІант, Зикра вара Асайпан кІант), Іабди-ЯхІу (иза ШамІа-ЯхІун кІант вара, ШамІа-ЯхІу вара Галалин кІант, Галали вара Ядутунан кІант), иштта Элкханан кІентан Асин кІант Берех-ЯхІу а вара. Иза натІупатхойн ярташкахь вехаш хилла. Делан цІийнан кевнехь гІаролхой хилла болу цигахь баха охьахевшинарш хІорш бара: Шалум а, Іакхуби а, ТІулман а, Ахьиман а, церан вежарий а. (Царах коьртаниг Шалум вара.) Кху ханналц а уьш малхбалехьа долчу Паччахьан кевнехь гІаролхой бу. Уьш левихойн меттаметтанийн кевнашкахь гІаролхой а бара. Шалума (иза вара Кхурин кІант, Кхура вара Аби-Асин кІант, Аби-Аса вара Кхорахьан кІант) а, кхорахьахойх болчу цуьнан гергарчу наха а Делан цІийнан неІсагІина уллохь гІарол дора, церан дайша Везачу Элан меттаматтана чуволлучохь гІарол деш ма-хиллара. ЭлиІазаран кІант Пайнехьас хиллера хьалха царна тІехь хьаькам. Веза Эла а вара цуьнца. Делан цІийнан неІарехь гІарол деш вара Мишлам-ЯхІун кІант Закри-ЯхІу. НеІаршна чуволлучохь гІарол дан схьахаьржинарг верриг а ши бІе шийтта стаг вара (212). Уьш шайн ярташкахь цІераш дІаязъечу тептарш тІе дІаязбина хилла. Уьш тешаме хилла дела, Дауда а, Делера дерг гуш волчу Шамъала а дІахІиттийнера уьш оцу гІуллакхе. Уьш а, церан тІаьхьенаш а Везачу Элан цІийнан кевнехь гІарол деш бара (хьалха Везачу Элан цІийнан метта Делан четар дара). Оцу цІийнан еа а агІор – малхбалехьа, малхбузехьа, къилбаседехьа, къилбехьа – лаьтташ гІаролхой бара. Ткъа шайн ярташкахь Іаш болчу церан гергарчу наха, билгалъяьккхинчу хенахь царна тІе а богІуш, цаьрца цхьаьна ворхІ дийнахь гІуллакх дора. Левихо волу и виъ хьаькам тешам болуш вара. Уьш бара Делан цІенна уллохь йолчу чоьнашна а, хазнашна а гІарол дан дІахІиттийна. ГІарол дар шайна тІедиллина дела, цара, Делан цІенна гонах дІа а хІуьттуш, буьйсанаш йохура. ХІора Іуьйранна неІарш дІаелла а езара цара. Левихойх цхьаберш бара динан гІуллакх деш лелош йолчу пхьегІашна тІехьажа дІахІиттийна. И пхьегІаш дІалучу а, схьаоьцучу а хенахь ягаръеш хилла. Вукхарна тІедиллина дара Делан цІийнан еза хІуманаш а, кхиболу гІирс а, дама а, чагІар а, зайтдаьтта а, хаза хьожа йогІу сегІаз а, хаза хьожа йогІу хІуманаш а Іалашъяр. Динан дайх цхьаболчара хаза хьожа йогІу хІуманаш цхьаьна эяр кхочушдора. Кхорахьахочун Шалуман дуьххьарлера доьзалхо волчу левихочун Матит-ЯхІун кара деллера сагІанашна хІуманаш цІера тІехь яттар. КхахІатхой болчу церан цхьаболчу вежаршна тІедиллина хилла Далла леринчу хІора шоьтан дийнахь Цунна бепиг кечдар. Левихойн доьзалийн баьччанаш болу илланчаш Делан цІийнан кертахь йолчу чоьнаш чохь Іийра. Уьш кхечу гІуллакхех мукъабаьхна бара, хІунда аьлча цара дийнаххьий, буьйсанний шайн корматалла дІакхехьа езара. Левихойн доьзалийн баьччанаш а болуш, тукхамийн цІераш дІаязъеш долчу тептаршка хьаьжжина, куьйгалхой бара уьш. Ярушалаймехь бехаш бара уьш. Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш болчу ялхойн тІаьхьенах берш: Цихьин а, Хьашупин а, ТабуІатин а, Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тІаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а, Сулим-паччахьан ялхой хиллачеран тІаьхьенех берш: Сутайн а, Супартин а, Парудин а, Кхиболу исраилхой а, динан дай а, левихой а бара ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь бехаш. Уьш шайн доьзалийн латтанаш тІехь бехаш бара.
Выбор основного перевода