Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а ка сагІа доккхучу кхерча тІехь багабе. Иза дийнат дагоран цІера тІехь даьккхина сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Шен куьг бежанан коьрта тІе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагІа доккхучо. Динан дай болчу АхІаронан кІенташа сагІа доккхучу кхерчан массо а агІонна тІе цІий тоха деза. Ткъа дуьнен чу дуьххьара девллачу стерчашна а, уьстагІашна а, гезаршна а тІера мах ма баккха. Уьш Везачу Элана дІакъастийна ю. Церан цІийн цинцаш кхерчана тІетоха, ткъа мохь цІера тІехь даьккхина сагІа санна ягае, цуьнан хаза хьожа Везачу Элана тамехь ю.
Выбор основного перевода