Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза гуттаренна а шун тІаьхьенашна тІедуьллуш ду, шу миччанхьа дехаш делахь а. Цхьа а тайпа мохь а, цхьа а тайпа цІий а ма даалаш». Ас, Сайн оьгІазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дІаэккхор ву и стаг, хІунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дІа а луш, Сан цІа бех а дина, Сан сийлахь цІе сийсаз а йина. Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тІедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тІеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгІазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дІа а эккхор бу. Амма, варелаш, дийнатийн цІийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тІе дІаІанаделаш иза. Амма, варелаш, цІий даарх чІогІа ларлолаш, хІунда аьлча цІий – иза са ду, жижигца цхьаьна иза ма даалаш. Аса Исраилан халкъ кІелхьардаьккхина волчу Везачу Элах чІагІо йо, и къа латийнарг сан кІант ЯхІуната велахь а, иза а лийр ву аьлла». Амма гулделлачу халкъана юккъера цхьаммо а жоп ца лора. Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: „Аса сацам бина, шуна тІе вониг даийта. Кхузахь болу массо а яхІудхой хІаллакбийр бу Аса. Со цу стагана дуьхьалвер ву, Ас цунах масал дийр ду, нахе цунах кицанаш а даладойтуш, Ас Сайн къомана юкъара дІавоккхур ву иза, тІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода