Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Сан долахь долу халкъ ду, цундела акхароша цистинчу даьхнин жижиг ма даа, дІало иза жІаьлешна». Иза дІавуьжучу маттах дІахьакхавелларг, шен бедарш а йиттина, хица лийча веза. Сарралц цІена хир вац иза. Къеделла я акхароша дийна долу дийнат даа мегар дац динан дена. Ишттачу кхачано иза бехвийр ву. Со Веза Эла ву. Цу гІуллакхашна тІедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тІевеанчунна а, махкахочунна а, хІунда аьлча Со шун Веза Дела ву“». Цхьа а къеелла йолу хІума ма яа, муьлхачу шун гІаланашкахь вехаш волчу тІевеанчу стагана дІало иза. Цуьнга яийта иза, я кхечу къомах волчунна дІадохка и жижиг, хІунда аьлча хьо хьан Везачу Делан деза халкъ ду. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».
Выбор основного перевода