Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча муьлххачу дегІан са цуьнан цІийна чохь ду. Цундела аьлла Ас исраилхошка, шеца цІий долу цхьа а дилха ма даа. ЦІий дууш верг муьлхха а шен халкъана юкъара эккхор ву. Амма цхьа хІума тІедуьллу ас шуна: шена чохь са долу, шех цІий дІадалаза долу жижиг ма даалаш. Іийсан цІийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кІелхьардевр ду вай Делан оьгІазлонах. Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. Далла лиира Цуьнгахула стигалахь а, лаьттахь а долу дерриг а хІума Шеца тайта. ЖІара тІехь Іанийначу Шен КІентан цІийгахула царна а, Шена а юкъахь барт бира Цо. Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хІума цІийца цІандеш ду, цІий ца Іанийча, гечдар ца хуьлу. Иштта Іийсас а, Шен цІийца нах базбархьама, гІалин кевнал арахьа бала лайра. Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КІант волчу Іийсан цІийно вай массо а къинойх цІандо. билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цІийца вай кІелхьара а даьхна,
Выбор основного перевода