Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. Цигахь шайн Везачу Далла хьалха яа а яа, иштта шу а, шун доьзалш а шайн куьйгашца шаьш дина долчу массо а хІуманах а, шайн Везачу Дала шу декъалдарх а самукъадолуш а хила. Аша цигахь, оха кхузахь хІинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХІинццалц шух хІораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагІанаш дохура. Шу цкъа хІинца а паргІато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тІе ма ца девлла. Ткъа Йордан-хина дехьа а девлла, шун Везачу Дала шайн дола доккхуш долчу декъа тІехь шу даха хевшича, шуна го бинчу массо а мостагІех Цо, шу паргІат а даьхна, шуна синтем бича, шу кхерам боцуш дехар ду. ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. Цигахь самукъане даккхийде шайн Везачу Далла хьалха – шу а, шун кІентий а, шун йоІарий а, шун леш а, гІарбашаш а, иштта шайн гІаланашкахь Іаш болу левихой а (шуна санна царна лаьттан дакъа ца кхочу, церан долахь латта хир дац). Ларлолаш, шайна гинчу муьлххачу а меттехь шайн дийнаташ дагоран сагІанаш дахарх. Мелхо а, Везачу Эло шун тайпанийн латтанашна юкъара схьакъастийначу меттехь бен дийнаташ дагоран сагІанаш бен ма дахалаш, ткъа ас шуна тІе мел диллинарг цигахь бен кхочуш ма делаш. Вуьшта-м, шу мел дехачу гІаланашкахь шайн бежанашна урс хьакха мегар ду шуна. Шун Везачу Дала шу декъалдаре хьаьжжина, церан жижиг даа мегар ду шуна. Далла хьалха цІена волчунна а, цІена воцчунна а даа мегар ду иза, масаран а, сен а жижиг санна. Амма, варелаш, дийнатийн цІийца долу дилха ма даалаш, хи санна, лаьтта тІе дІаІанаделаш иза. Шайн Іаш йолчу меттигашкахь даа мегар дац шайн кІен а, керлачу чагІаран а, зайтдаьттан а Далла луш долу уьтталгІа дакъа а, шун бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, шун уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а, ваІданца аша Далла лун мел йолу хІума а, шайн лаамца дІалуш долу сагІанаш а, Далла лерина кхидолу шун совгІаташ а. Амма иза шун Везачу Далла хьалха бен ма яалаш, шун Везачу Дала схьакъастор йолчу меттехь – аша а, шун кІенташа а, шун мехкарша а, шун леша а, шун гІарбашаша а, шун гІаланашкахь Іаш волчу левихоша а. Даккхийде шайн Везачу Далла хьалха шун куьйгаша мел динарг бахьана долуш. Варелаш, шайн лаьтта тІехь шу мел деха, левихой дІа ма татталаш. Шун Везачу Дала, Ша шуьга ма-аллара, шун дозанаш шордича, аша иштта аьлча: „Жижиг даа лаьара тхуна“, – шайна ма-дезза жижиг даа мегар ду. Нагахь санна шун Везачу Дала Шен цІе яккхийта схьакъастийна йолу меттиг шуна уллора дукха гена елахь, шайна шун Везачу Дала деллачу шайн бежанна я уьстагІна урс хьакха мегар ду, ас тІе-ма-диллара, шу мел дехаш йолчу гІаланашкахь шайн лаамца иза даа а мегар ду. Товрат-хьехамаш юкъабале а, къа дуьнен чохь долуш дара. Амма хьехамашна юкъайогІу бакъонаш ца лелачохь къалатор бехке ца лору.
Выбор основного перевода