Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И тамехь йолу хаза хьожа дІакхечира Далла. ТІаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неІалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хІаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хІума. Берриг а ка сагІа доккхучу кхерча тІехь багабе. Иза дийнат дагоран цІера тІехь даьккхина сагІа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Динан дас, схьа а эцна, кхерча тІехь сагІин цхьа дакъа дагор ду. Дерриге а Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. Нагахь дийнаташ дагоран сагІина я бертан сагІина, я Везачу Элана хьалха йинчу чІагІонан сагІина лерина къона старгІа ялош елахь, оцу старгІица цхьаьна кІен сагІа а дан деза: ткъе биъ кад кІен дама а, цунах эдина хІинан шолгІа дакъа зайтдаьтта а. Иштта хІинан ахдакъа чагІар а дан деза чагІаран сагІина. Иза цІера тІехь дагош долу сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Даггара болчу безамца лелалаш, вай деза а делла, вайн дуьхьа Шен са хаза хьожа йогІучу сагІина а, Далла тамехь долчу гІурбанна а дІаделла волу Дала леррина Къобалвинарг санна.
Выбор основного перевода