Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна шен уьстагІ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гІуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагІина, ткъа важа дагоран сагІа санна. Нагахь зудчун сагІина Іахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагІина, важа къинан сагІина хир бу. Динан дас зуда цІанъяран Іадат кхочушдийр ду, тІаккха иза Далла хьалха цІена хир ю“». Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагІа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.
Выбор основного перевода