Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СтаргІа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дохкур ду. Гуламан четаран неІарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хІотто еза и старгІа. Динан дас, старгІин коьрта тІе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. Къинах долчу сагІина йийначу старгІица диннарг дан деза кху старгІица а. Иштта динан дас царна тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала царна гечдийр ду. Къинан сагІина лерина старгІа схьаялийра Мусас. Юха АхІарона а, цуьнан кІенташа а старгІин коьрта тІе куьйгаш дехкира. АхІароне Мусас элира: «СагІа доккхучу кхерчана тІе а гІой, хьайна тІера къинан сагІа а даккха, дийнаташ дагоран сагІа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дІадахархьама. Халкъо деана совгІаташ схьаэца, наха летийна къинош дІадахархьама, Везачу Эло тІе-ма-диллара». Дерриге а Исраилан халкъана тІера динан дас къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза. ТІаккха халкъана гечдийр ду, и гІалат ларамаза даьлла долу дела а, шегара даьллачу гІалатана цо Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІа а, къинан сагІа а даьккхина дела а.
Выбор основного перевода