Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло цІеххьана Мусага а, АхІароне а, Мареме а элира: «Шу кхоъ гуламан четар долчу арадала». Уьш кхоь араделира. Веза Эла, мархин бІогІамана юкъахь охьа а воьссина, четар чу волучу меттехь дІахІоьттира. Цо АхІароне а, Мареме а схьакхайкхира. Уьш Везачу Элана тІебахара. Муса Везачу Элаца къамел дан гуламан четар чу ваьлча, тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, Дала къинош дІадохучу негІарна тІехула аз хезара цунна. Цигара Веза Эла Мусага вистхуьлура.
Выбор основного перевода