Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дала билгалъяьккхинчу метте схьакхечира уьш. ИбрахІима сагІа даккха меттиг кечйира, тІулгаш а дехкина. Царна тІе дечиг а диллина, вехка а вихкина, цу дечигна тІе шен кІант Исхьакх охьавиллира цо. Везачу Эло Мусага элира: «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: дийнаташ дагоран сагІанах долу тІедуьллург ду хІара. Кхерча тІехь дагош долу дийнаташ буьйсанна сахиллалц цІера тІехь дита деза, кхерчан цІе а, ца йовш, яга езаш ю. Динан дас чухула а, тІехула а дуткъачу кІадих йина бедарш юха еза. Кхерча тІера дийнат дагийна бисна чим, схьа а эцна, кхерча улло охьабилла беза цо. Цул тІаьхьа, шен бедарш схьа а яьхна, кхин бедарш а юьйхина, меттаматтал арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте, чим дІабахьа беза цо. Кхерча тІера цІе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХІора Іуьйранна динан дас кхерча тІе дечиг тилла деза, цу тІе дийнаташ дагоран сагІа а дилла деза, иштта бертан сагІанах йолу мохь цу тІехь яго а еза. ЦІе кхерча тІехь гуттар а яга езаш ю, дІа а ца йовш».
Выбор основного перевода