Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Іаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара а йолуш, цхьа гІарбаш-зуда хилла. Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тІехь мацалла хІоьттинера. ТІаккха цхьа стаг ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара шен зудчуьнца а, шина кІантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара. Оцу стеган цІе Элималик яра, цуьнан зудчун цІе НуІмат яра, ткъа шина кІентан цІераш Махьлан а, Халин а яра. Уьш ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІалара эпратхой бара. Муаби-аренашка а баьхкина, цигахь баха хевшира уьш. ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара волчу эпратхочун Юшайн кІант вара Дауд. Юшайн бархІ кІант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чІогІа хан яьлла стаг вара. «Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу гІаланашна юкъахь уггаре а кІезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера». Іийса ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалахь вина. Иза яра ХІарод-паччахь олаллехь волу зама. Іийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гІала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш. Цара цуьнга жоп делира: «ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара, хІунда аьлча шен йозанна тІехь пайхамаро аьлла ду: „Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“»
Выбор основного перевода