Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Аша цигахь, оха кхузахь хІинца ма-дарра, дан ца деза и дерриге а. ХІинццалц шух хІораммо а шена-шена нийса хетачу кепара сагІанаш дохура. Цу заманахь исраилхойн паччахь вацара. Ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна даха ховша меттиг лоьхуш бара. Исраилан халкъах схьадевлла долу кхидолу тайпанаш, шайн-шайн латтанаш а долуш, охьахевшинера, ткъа Данан тІаьхьенах берш шайна билгалдаьккхина латта доцуш бара. Исраилхойн паччахь воцучу хенахь Эпрайман лаьмнашкахь цхьана юьстахчу меттехь вехаш Іаш хилла левихойн тайпанах волу цхьа стаг. Цуьнан, ша ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара а йолуш, цхьа гІарбаш-зуда хилла. Цу хенахь исраилхойн паччахь вацара, цундела хІораммо а шена бакъахьа хеттарг дора.
Выбор основного перевода