Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Лабан уьстагІий ларга вахача, Рахьала цуьнан цІахь болу цІуш лачкъийра. Цу деших ГадІана, ийпад а йина, иза шен Іапру цІе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадІанна а, цуьнан дерриг а цІенна а гур хилла дІахІоьттинера. Лаишан латта талла вахана хиллачу пхеаммо шайн гергарчаьрга элира: «Цигахь долчу цхьана цІенна чохь еза ийпад ю. Цигахь кхиболу цІуш а, тІе дети диллина волу цІу а ву. Ойла е, хІун дан деза». Латта талла вахийтина волчу пхеа стага, цІенна чу а вахана, дечиган цІу а, ийпад а, кхиболу цІуш а, детих вина волу цІу а схьа а эцна, уьш чуьра арабехира. Ткъа динан да кевнехь цу ялх бІе тІемалочуьнца лаьтташ вара. Микас цаьрга элира: «Аша ас сайна бина болу цІуш соьгара дІабаьхна. Аша иштта сан динан да а дІавигна. Суна диснарг хІун ду? Стенна хоьтту аша: „ХІун хилла?“ – бохуш?» Кхиръят-ЯІарим-гІаларчу бахархоша Везачу Элан деза тІорказ, схьа а эцна, гуна тІехь лаьтташ долчу Абинадабан цІа чу схьадеара. Цул тІаьхьа цуьнан кІант ЭлиІазар Везачу Элан тІорказна дола дан къобалвира. И хІума хиллачул тІаьхьа а шен харцнекъаш тІера дІа ца велира ЯрбаІам. Массо а халкъана юкъара схьа а оьций, сагІа доккхучу гунийн динан дай дІахІиттабора цо. Шена дІахІитто мел лиънарш ЯрбаІама къобалбора сагІа доккхучу гунашна тІехь динан дайша санна гІуллакхдарна. Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш.
Выбор основного перевода