Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цІеначу дагца муьтІахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь шаьш ма-хиллара. Царна муьтІахь хила, мотт хьоькхучу адамаша санна, моттаргІанаш а ца еш, ткъа Дала леррина Къобалвинчун леша санна, даггара Делан лаам кхочуш а беш. Лоллехь бохкучу леша а, хьакъ мадду кхоччуш лара беза шайн олахой. И дан деза Делан цІе а, вайн хьехамаш а емал ца байта. Шаьш санна Іийсах тешачу шайна тІехь болчу олахойх ца дешаш ма хила. Мелхо а, шайн динан вежарий уьш болу дела, кхин а дика царна гІуллакх дан деза цара. ХІунда аьлча церан балхах беркат хуьлурш царна безаш болу Іийсах тешнарш бу. Иштта хьехамаш а бе, кхета а бе.
Выбор основного перевода