Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». Делан Синера долчу совгІаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса гучувоккхучу дийне ладоьгІуш шу хиларна. Цара дуьйцу, Делан КІант стигалшкара схьаваре шу муха ладоьгІуш ду. Дала веллачуьра денвина волу а, тІейогІу йолчу Делан оьгІазлонах вай кІелхьардоху волу а Іийса ма ву и КІант.
Выбор основного перевода