Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Иштта кхин а нахаца лелачарна а, вовшашца хьарам дерг лелочу божаршна а, дохкархьама адамаш лечкъочарна а, харц луьйчарна а, дуй къарбочарна а, нийсачу хьехамашца ца догІуш лелочу массо а хІуманна бина бу и товрат-хьехамаш. Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара. Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вайн долуш долчу тешарца а, безамца а соьгара хьайна хезначу цІеначу хьехамех масал а дай, Іелахь. ХІунда аьлча адамаша нийсачу хьехамашка ладугІур доцу хан тІейогІур ю. Шайн-шайн лаамашка а хьоьжуш, шортта хьехамчаш шайна гонах гулбийр бу цара, шайн лергашна хаза лууш дер-дерг цаьрга дийцийта. Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тІегІерташ хила а веза иза. ТІаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахІитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан.
Выбор основного перевода