Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Іийсах тешачийн тобанан гІайгІабийриг цхьанна а стеган ала хІума доцуш цІена хила веза. Цуьнан цхьа зуда бен хила ца еза. Кхетаме а, собаре а, оьзда а, безамца хьеший тІеоьцуш а, динах лаьцна хьеха хууш а хила веза иза. Малар тІехдоккхуш, девнаш дохуш хила ца веза. Амма эсала а, машаре а, ахчанна сутара воцуш а хила веза иза. Шен цІа дика лело а деза цо, шен бераш шена муьтІахь хила а, нах лара а Іамо деза. Шен цІа лело а ларош воцург лелар вуй те Іийсах тешначийн Делан долахь йолчу тобанан гІайгІа беш? Іийсах тешна дукха хан йоцучу божарех хила ца веза иза, цуьнан даг чу куралла а йоьссина, иблисана санна, иза кхел йина ца хилийтархьама. Арахьарчу наха дика тоьшаллаш деш хила а веза иза, шена Іиттарш ца яйта а, иблисан гуре ша ца лацийта а. Везачу Элан лай товш вац къийсалуш. Массаьрца а кІеда-мерза, хьехамаш бан дика хууш, собар долуш хила веза иза. Шен мостагІашна а эсала хьехамаш бан беза цо. Дала царна а дохкодовлар а, билггал бакъдерг довзар а дала тарло. ТІаккха и мостагІий а, дохко а бевлла, меттабогІур бу. Иблисо шен лааме берзийна болу уьш шаьш дІалаьцначу цуьнан речІанах паргІатбевр бу.
1 2 3
Выбор основного перевода