Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Дела адам дац, Цо аьшпаш ца бутту. Иза адамех схьаваьлла вац, Цо Шена дагадеанарг ца хуьйцу. Ша йинчу чІагІонца ца лела ткъа Иза? Ша дийр ду аьлларг кхочушдийр дац ткъа Цо? Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хІума цо яахь, хІунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хІума къилахь ду. Тимапи, хІара кехат яздо хьоьга ПахІала. Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву со Делан лаамца. Со Дала ваийтина Ша леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна вай долчу хенахь лур ду аьлла долу бакъдолу дахар дІакхайкхо. Шен маьхза долчу диканца Цо вай бакъдина, Ша волчохь хедар доцучу дахаре кхача сатуьйсучех вай хилийтархьама. Нагахь кху тептар тІехь дІаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хІума тІера дІадаккхахь, Дала кху тептар тІехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гІалина чохь а дакъалацар дІадоккхур ду цуьнан».
1 2 3
Выбор основного перевода