Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. Ткъа Делан Іалашо иштта ю: хенаш кхочуш хиллачу хенахь Цо стигалахь а, лаьтта тІехь а мел дерг цхьаьнатухур ду, Ша леррина Къобалвинарг коьртехь а волуш. Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш. Со, ПахІал, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал ву. Векал хила бакъо суна елла вайн КІелхьардохург волчу Дала а, вайн дегайовхо волчу Дала леррина къобалвинчу Іийсас а. Сийлахь а, декъала а волчу Дала тешарца соьга схьабеллачу хазачу кхоаца бу и хьехамаш. Ткъа и дика вайна-м Дала леррина къобалвина Іийса, вай КІелхьардаьхнарг, кху дуьнен чу схьавеача, хІинцца бен ца гайтина Дала. Вайна тІехь долу Іожаллин олалла дохийна Іийсас. Ша дІакхайкхийнчу хазачу кхоэхула Іожалла ца хуьлу бакъдолу дахар стенца хуьлу гайтира Цо. Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КІелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама.
1 2 3
Выбор основного перевода