Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Иштта, харцпайхамарш церан гІуллакхаша бовзуьйту. ХІора Соьга: „Ва сан Веза Эла“ бохуш волчо Стигалийн Олалла тІелоцур дац. Цига кхочун верг стигалахь волчу Сан Ден лаам кхочуш а беш, Цунна муьтІахь хила веза. Ткъа Аса цаьрга эр ду: „Генадовлал Суна уллора, харц белхаш лелош дерш! Суна шу цкъа а девзаш ца хилла!“» Дин лелорехь тІехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дІатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь. Динах лаьцна хьехамаш даим Іамо гІерташ белахь а, билггал долу бакъдерг цкъа а къобал ца дало цаьрга. Яннай а, Ямвари а Муса-пайхамарна дуьхьал ма-валлара, уьш а дуьхьалбевлла билггал бакъдолчунна. Церан кхетам телхина бу, ткъа церан тешар зийча, уьш Іийсах баккъалла а тешаш ца хилар гучудолу. Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац.
1 2 3
Выбор основного перевода