Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“». Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“. Къийсаршна тІе бен далош доцу хьалха хиллачех лаьцна туьйранаш дийцар а, хаддаза шайн хьалхалера тайпанаш хьехор а дехка царна. Оцу къийсарша тешарца евзина йолчу Делан Іалашонна тІе ца балабо уьш. Пайда боцу туьйранаш а, даьсса хабарш а дІататта. Мелхо а, хьо суьпа хилийта чІогІа къахьега деза. Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду.
1 2 3
Выбор основного перевода