Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Къиноша, адамаш Іожаллина тІе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш. КхидІа а шайн догІмийн меженаш къинан кара ма яхийта, харцо лело гІирсаш санна. Мелхо а, шаьш Далла дІало, деллачуьра дендинарш санна. Ткъа шайн догІмийн меженаш, Делан лаамехь долчу гІуллакхаша лело гІирсаш санна, Цуьнан караяхийта. Вайн хьарам лаамаш вайна бевзаш бу. Уьш бу: нахаца лелар, боьха лаамаш хилар, къилахь долу хІума дар,
Выбор основного перевода