Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Иштта, вай хих чекхдахийтича, вай Цуьнца цхьаьна дІа а доьхкина, дала а делла. Ткъа иза хилира, Шен Ден ницкъаца веллачуьра денвина волу Дала леррина Къобалвинарг санна, вай а керлачу дахарехь Іайтархьама. хІунда аьлча велларг къинан олаллех паргІатваьлла. Дикачу агІор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цІена йоІстаг санна, шу дІахІитто лаьа суна. Товрат-хьехамаша со хІаллаквина, цундела со оцу хьехамашна гергахь велла ву, Делан дуьхьа вāхархьама. Со а, Дала леррина Къобалвинчуьнца жІарах дІатоьхча санна, велла. Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хІара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар, Цо дІадайина вайн декхар тІеяздина долу йоза. Оцу кехат тІехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖІарах дІа а тоьхна, Дала и кехат дІадаьккхина.
Выбор основного перевода