Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Вайна хаьа, шира адам Іийсаца цхьаьна жІарах дІатоьхна, къа лато хуьлуш болу вайн лаам хІаллакбархьама а, ткъа иштта къинан леш вайх кхидІа ца хилийтархьама а, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу дахар тІедалочу Делан Синан Іедало къиношна а, Іожаллина а тІевалочу Іедалех хьо паргІатваьккхина дела. Іийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Іийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догІмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула. Вай Іийса, вала а велла, денвелла хиларх теша дела, Іийсах тешаш белла болу нах а Дала Цуьнца стигалшка хьалабохург хиларх а теша. Везачу Элан дашца боху хІара оха шуьга, Веза Эла кху дуьнен чу схьаваллалц, дехаш дисина долу вай, беллачарел хьалха девр дац. ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. Цул тІаьхьа вай, далаза диснарш, царах дІа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТІаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду.
Выбор основного перевода