Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ахь диканиг деш хилча, ларамца тІеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неІарехь къа лаьтта. И хьо Іехо гІерташ ду, хьо цул тола веза». Амма сан меженашна чохь кхин тайпа массо а ханна лелаш дерг го суна. Оцу Іедало сан хьекъал чохь болчу лаамца къуьйсу. Сан меженашкахь лелаш долчу къинан Іедалан йийсархо во цо сох. Аса баркалла боху Далла, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Цо иза дарна! Делахь, сан хьал иштта ду: цхьана агІор сайн хьекъалца со-со Делан хьехамийн Іедалан лай ву, ткъа вукху агІор сайн адаман синца къинан Іедалан лай а ву. Амма хІора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Іеха а вой, дІалоцу.
Выбор основного перевода