Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Делахь, хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца бехачарна цхьана а тайпана кхел йийр яц, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу дахар тІедалочу Делан Синан Іедало къиношна а, Іожаллина а тІевалочу Іедалех хьо паргІатваьккхина дела. Вайн адаман са эгІаза хиларна, товрат-хьехамашка кхочушдан ца делларг Дала кхочушдина. Дала лаьтта тІе Шен КІант ваийтира къинойн адамийн санна долчу вастехь, къинах доккху сагІа Цунах хилийтархьама. Цу тайпана Дала адамна чохь доллучу къинна кхел йина. Цо иза дина, вешан синан лаамашца а доцуш, ткъа Делан Синца дехаш долчу вайгахула товрат-хьехамийн бакъдолу декхарш дуззалц кхочушхилийтархьама. Шайн синан лаамашца бехачара оцу лаамех дегнаш дузу, ткъа Делан Синца бехачара Синан лаамех шайн дегнаш дузу. Шайн синан лаамех дегнаш дузар – иза Іожалла ю, ткъа Делан Синан лаамех дегнаш дузар – иза дахар а, синпаргІато а ю. И хІунда ду иштта? Нагахь санна адамо шен синан лаамех дог дузахь, иза Делан мостагІа хуьлу. Делан хьехамийн Іедална муьтІахь ца хуьлу иза, мелхо а, царна муьтІахь ца хилало иза. Шайн синан лаамашца лелачаьрга Далла тамехь дерг ца дало. Амма шу шайн синан лаамашца дехаш дац. Мелхо а, нагахь санна шуна чохь Делан Са дехаш делахь, Делан Синан лаамашца деха шу. Нагахь санна шух цхьаьнца Дала леррина Къобалвинчун Са дацахь, иза Цуьнан долахь вац. Нагахь санна Дала леррина Къобалвинарг шун даг чохь вехаш велахь, шун дегІ, къинош летош хиларна, лийр ду, ткъа шун са дийна ду, Дала шу бакъдина долу дела. Іийса веллачуьра денвина Волчун Са шуна чохь дехаш долу дела, Іийса веллачуьра Денвинчо шун лийр долчу догІмашна а дахар лур ду шуна чохь дехаш долчу Синехула. Хастам бу Дала леррина къобалвинчу вайн Веза Эла волчу Іийсагахула вайна толам лучу Далла!
Выбор основного перевода