Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа хІинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хІун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа. Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогІург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа? Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало. Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргІат а доху. Цундела ма яздина Делан Йозанаш тІехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де». Аша дика гІуллакхаш дина хиларна делла дац иза, цундела шух цхьаммо а дозалла ма де.
Выбор основного перевода