Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Элана хьалха болчу сагІа доккхучу кхерча тІера богуш болчу кІоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогІу сегІаз а, схьа а эцна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхІарона. Везачу Элана хьалха йогучу цІера тІе дуьллур ду цо хаза хьожа йогІу сегІаз. СегІазан кІуьро тоьшаллин тІорказан къинош дІадахаран негІар дІахьулдийр ду, АхІарон, иза ган а гина, ца валийтархьама. Юха старгІин цІий, шен пІелгаца цхьажимма схьа а эцна, негІарна тІе а, ворхІазза цунна хьалха а тухур ду цо. Къинан сагІина халкъана тІера бож юьйр ю цо, тІаккха цуьнан цІий а, старгІин цІий санна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьне а даьхьна, негІарна тІе а, ворхІазза бартбаран тІорказна хьалха а тухур ду цо. Цундела, сан вежарий, суна лаьа шуна хуийла, тахана Цуьнан дуьхьа шун къиношна гечдар ду шуна кхайкхош дерг. ХІора Іийсах тешаш верг массо а хІуманна тІехь Далла хьалха бакъво, ткъа Муса-пайхамаран хьехамашкахь шун Далла хьалха бакъхила ницкъ бацара. Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тІедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дІакхайкхор.
Выбор основного перевода