Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Везачу Эло боху: «Ва дерриге а хьогах дерш, хиш тІе схьадуьйла! Ва шайгахь ахча доцурш, схьадуьйла, эца, яа! Схьадуьйла, дети доцуш эца, ахча а ца луш, чагІар а, шура а эца! Ткъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахІиман массо а тІаьхьенна, чІагІо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахІиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахІим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву, Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргІато а йолуш деха вай. Іийсас, Шен цІий Іанорца мах а белла, вай паргІат а даьхна, вайн къиношна геч а дина. Ткъа иза Дала вайна шортта деллачу дикане хьаьжжина ду. Іийсах тешна дела, Делан доккхачу диканца кІелхьардаьхна шу. Ткъа иза шуьгара дац. Иза Делан совгІат ду.
Выбор основного перевода