Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Оцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву». Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хІунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хІорра а алссам декъалво Цо. Амма вайна хууш ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешаро бен цхьа а адам Далла хьалха бакъ ца дойла. Товрат-хьехамаш кхочушбарца цхьа а Далла хьалха бакъвийр вац. Иштта вайшиъ Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешнера, товрат-хьехамаш тІера гІуллакхаш кхочушдарца а доцуш, амма ваьш Дала леррина къобалвинчу Іийсах тешарца Далла хьалха бакъхилийтархьама. ХІунда аьлча кху дуьненара цхьа а адам товрат-хьехамаш тІера бакъахьара гІуллакхаш кхочушдарца кІелхьардер дац. Бац шуна юкъахь я жуьгтий а, я кхечу къомах долу адамаш а, я лай а вац, я паргІатниг а вац, я божарий а, я зударий а дац шу – шу массо а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна цхьаъ ду.
Выбор основного перевода