Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Антиохехь йолчу Іийсах тешачийн тобанехь бара пайхамарш а, Іелам нах а: Бар-Нааб а, шех кхин а Іаьржаниг олу ШамІа а, къуринахо Луку а, мехкан куьйгалхочуьнца ХІародца кхиъна волу Манаан а, Шаул а. ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. Амма тІаьхьа ца хІиттина, Іийсах а ца тешна, хьагІ лаьцна болу жуьгтий, гІалин майданара харцахьа лела нах схьа а эцна, тобане а гулбелла, гІала марсаяха хІиттира. Ясонан цІийна улло а баьхкина, ПахІал а, цуьнан накъостий а халкъана хьалха хІитто гІертара уьш. Цуьнца бара накъостий: Берия-гІалара Пирран кІант Сопатар а, Тассалник-гІалара Арестах а, Секант а, Дерби-гІалара Гаяс а, Тимапи а, Асиа-махкара шиъ – ТихІак а, ТрахІим а. Маршалла ло Іандарнике а, Юнига а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу. Маршалла ло сан къомах волчу ХІарудига. Маршалла ло Нару-Касин цІийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода