Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. Цо цаьрга а ла ца догІахь, динан гуламе дІадийца. Цо цаьрга а ла ца догІахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца. Ткъа оха шуна беанчу хазачу кхоана метта я оха а, я стигаларчу малико а кхин кхаъ бахьахь, Делан неІалт хуьлийла царна. Айса хьалха ма-аллара, хІинца юха а боху ас: нагахь аша тІеэцна болчу кхоана дуьхьал цхьаммо кхин кхаъ беанехь, Делан неІалт хуьлийла цунна тІехь. Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Іийсан цІарах весет до оха, аша тхоьгара тІеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дІакъаста аьлла. Нагахь санна шух цхьаъ оха яздина весеташ кхочушдеш вацахь, иза билгалваккха. Цунна эхь хетийтархьама, цуьнца юкъаметтиг ма хилийта. Доьху хьоьга, со Македон-махка воьдуш, аса хьайга ма-деххара, Эпасехь сацар. Цигарчу цхьаболчу нахана харц хьехамаш бар дехка деза ахь. Цхьаболчара харц хьехамаш дІасабаржабо. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан хьекъале долчу дешнашна реза ца хуьлу уьш. Іийсах тешарг муха лела веза боху хьехам а тІе ца оьцу цара. Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Іадвита, Нагахь шеца и хьехамаш а боцуш, ткъа кхин хьехамаш бахьаш цхьаъ шу долчу вагІахь, аша цІа чу а ма вита иза, цуьнга маршалла а ма хатта.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода