Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цигахь цунна карийра Іакхила цІе а йолуш, Понта-махкара схьаваьлла волу цхьа жуьгти. Іакхила шен зудчуьнца ПхьаьрскІилатаца Итали-махкара схьавеана вара, хІунда аьлча Калабди-паччахьо массо а жуьгташка Рим-гІалара дІагІо аьллера. ПахІал Іакхилий, Парскилий ган веара. Цигахь дуккха а деношкахь Іийна, Сири вахара ПахІал, динан вежарий а битина. ПхьаьрскІилат а, Іакхила а дара цуьнца. Кенахари цІе йолчу меттехь шен месаш дІалергира цо, ша Далла хьалха дина ваІда кхочушдар билгалонна. Цо майрра дуьйцура гуламан цІийнехь. ПхьаьрскІилатана а, Іакхилана а цо дуьйцург хезча, цара иза шайн цІа дІа а вигна, кхин а дика кхетош Дала нахана беллачу некъах лаьцна дийцира цунна.
К Римлянам
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Выбор основного перевода